Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

И бахьана долуш, социализман зуламашна йемал диначул тIаьхьа, цуьнан къамел цу социализман гуманитарни мехаллашка дирзира:

– Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца.

Тут будет реклама 1
Иза а вайн историн цхьа дакъа ду – билгалдаьккхира цо.

Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:

– ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.

Тут будет реклама 2

ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара – элира Завгаевс.

Цуьнан къамелана дукха адам реза хилира. Хетарехь, Завгаевна хаьара йукъараллин ойланна тIеIаткъам муха бан беза. Оцу кепара цунна йуххехь хIинцале гуллуш гуо бара.

Амма Завгаевс дина и чулацаме къамел ма-дарра аьлча Iедалехь висса Iалашонца дина дара. ЦК КПСС Хьалхарчу Секретаран къамел хиллачул тIаьхьа, Сталина дина зуламаш шуьйра дийцаре дан долийра.

Тут будет реклама 3

[33] 1990-чу шеран мангалан баттахь историкан Бугай Николайн «Нохчий а, гIалгIай а махках бахар» цIе йолуш йоккха статьйа зорбане йаьллера. Исторически тоьшаллашца цо цец йаьккхинера йерриге а йукъаралла. Историка довзийтира хIинцалц зорбане девлла ца хилла кехаташ, Сталина а, Берийас а вовшашка дина къамелаш а. Иштта тидаме далийнера Сталин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу хенахь 30-50-гIа шерашкахь къаьмнашна тIехь латтийна къизалла.

Тут будет реклама 4

Йазйанза йолу историн агIонаш йийца аьтто а беш, Завгаевс профессораш а, Iилманчаш а, академикаш а ул-улохь латтабора, цо церан тIекхуьу чкъурана мел оьшу хьелаш кхуллура, ткъа къона чкъор партийна оьшуш дара, тIейогIучу демократизацин дарце ша дIа ца хьакхийта.

Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги