На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.
Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан къилба-малхбузен хьаьрмара жима кIошт Къилбаседа ХIирийн республикин дIайеллера, хIунда аьлча гIалгIай махкаха баьхначу хенахь цу хьаьрмахь кхоьллинера ХIирийчоьнан коьрта шахьар Буро-ГIала.
ХIинца дешан маршо йаьллачу муьрехь гIалгIайша а кхойкхура и исторически гIалат нисдаре.
Завгаевс нохчашка национализмах ларло бохучу муьрехь, Кодзоевс дийнна урамаш дара гIиттош гIалгIайн къоман кхетам самабаккха Iалашонца.
Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ана ГIалгIайчоь йукъайогIуш йоллушшехь, амма ГIалгIайчоь даима а экономически а, социальни кхиарна йуьстах лаьттина йу, цуьнан лан дезна дукхох долу инвестицийн дакъа Соьлжа-ГIалахь хилар а, цунах болу пайда дукха хьолахь оьрсийшна а, нохчашна а хуьлуш хилар а.
[34] Шен жимачу къоман массо а векалш Къоман Конгрессе а гулбина, Кодзоевс ассамблейа ишта къамелаца ерзийра: муьлхха а къам Iалашдеш лардаран коьрта биллам бу цуьнан шен къоман пачхьалкхан кеп хилар.
Кодзоевс гIовттийначара Завгаевна тIедожадора шайн лехамаш центральни правительстве бовзийтар, оцу кепара ГIалгIайчоьнна Пригородни кIошт йуха йерзо гIо а деш.
И кхоллайелла кхачамбацар куьйг кIелара дIа ца йалийта а, чехкачу Кодзоевна гIалгIай къам дуьхьал далийта а Завгаевс тешо йира халкъан депутатийн гуламехь махках даьхначу къаьмнийн хьокъехь закон кховдор ду аьлла, ткъа цу закона къобалдан деза бакъо йоцуш дIа мел даьккхина хилла латта шайн дайшна дIадалар.
ГIалгIай цхьа жимма а севцича, Завгаевс долийра Бисултанов Хож-Ахьмадана тIаьхье партийни бюрократи дIа а йаьккхий, административни даржаш цIинде бохуш кхайкхамаш беш йолу Халкъан фронт дIайаккхар.


