На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Шена тIаьхье, берийн бераш а дахкош, чоьхьайелира Цаца. Обарган чоь йоккха йацара. Цхьа кор керта хьоьжуш дара, ткъа важа божалина чу даьккхина дара, Кутин говран са ца гатдалийта. Кора йистехь лаьттара тIетиссина кхакханаш а долуш, дечиган маьнги, ткъа цунна улло беа кога тIехь лоха стол. НеIарна дуьхьал лаьттара доккха тIорказ а, масех гIант а. КIеда йолче шен нана охьахаийтира Кутас, цуьнан букъа тIехьа гIайба а буьллуш. НеIсагIехь эхь хеташ лаьттара бераш.
– Хьамид, чоьхьадовла шу а! – кхайкхира берашка Кутас.
– Муха хир дара те сан дахар ас кхин некъ хаьржинехь? Массара а санна дийнахь аренгахь къахьоьгуш, ткъа сарахь доьзалца цхьаьна пхьор дууш, цхьанна а новкъа а воцуш, цхьаьнгара а кхерам а боцуш, буьйсанна мерзачу набарна а тевжаш, Iуьйранна маьлхан зIаьнарша сама а вохуш? Вахалур варий теша со ишта? – цIеххьана ойла кхоллайелира Кутин.
– Дийцал хIинца – элира цо Кутин кIенташка. – Хьоьца цхьа къамел дара кхеран. ЧIогIа сатесна бара хIорш хьоьца ишта паргIат хан йаьккха, къаьсттина Хьамид. Делан къинхетамца вайна а кхечи хIара тховса, цундела хатта шайна луург – элира Цацас.
Хьамида эхь хетта корта оллийра. Жимхас боккъалла а сатийсинера деца дагара дийца, амма и мIаьрго тIекхаьчча, кIант воьхнера. Хьамидана Кута да хилла ца Iара – иза Кавказан тоьлла къонаха, Паччахьан эскарна шен цIарца кхерам тоссу турпалхо вара уггаре а хьалха.
– Баба, дукха хан йу Хьамид шен дега хатта лууш волу ша цунна улло хила мегар дарий, цо хаьржинчу некъаца ваха мегар дарий?
Кутас доккха са даьккхира:
– Дер Хьамид воккха ма хилла. Суна накъост хуьлу хан а йу цуьнан. Амма цхьа хIума ду. Цкъа делахь кхолламо ша къастор ду цо муьлха некъ харжа беза.





