На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Нагахь санна кхолламан жайнахь Дала йаздинехь иза мацца ваьлла а вер ву со санна бекхаман новкъа, цундела зама сихйан ца оьшу. Заманан дой ахь шед йетта ца оьшуш даима а чехка хуьлу хьуна, Хьамид. Иза цкъа а диц ма делахь. ШолгIа делахь, суна кху хIусамехь оьшу сайн метта тешаме гIортор. Де дийне мел долу, со паргIат хуьлу, сайн хIусамехь, сан доьзалах жоп дала боьрша стаг вуйла хууш. – Вехха кIентан бIаьра хьаьжира Кута. – Сан да а, цуьнан да а, доцца аьлча вайн дайша хаьржина бу бекхаман некъ. Цара ца хаьржина дахарехь паргIато а, синтем а, ирс а, цундела сан ши кIант а кийча хила веза, муьлххачу а мIаьргонехь шайн Даймохк а, шайн къоман сий а, шайн дин а ларда мостагIчунна йуьхьдуьхьал хIотта.
Хетарехь, иза ша а хиллера шен дагахь дерг дийца хьаьгна. Кутин ца хиллера ишта шен ден къамеле ладогIа аьтто. Хин волчу обарган йалх шо бен дацара, да бакъ дуьнене вирзинчу хенахь.
Халла дагайогIура обаргана шен денана Товсари. Иза Тумсой тайпанера йара. Доьзалехь уггаре а йоккха хиларна вежарша чIогIа ларам лелабора цуьнца. Къаьсттина цунах чIогIа ийна вара уггаре а жимох волу ваша Бетамарз. Цундела вара цуьнан ши кIант Ахмарза а, Нохмарза а ишта тIекаре шайн дейишица. Товсарин кIант Эза – Кутин деваша санна Нохмарза а вара Имам Шемалан наиб.
Ткъа да Кутин иэсехь гуттаренна а виссира къовламе а, буьрса а стаг санна. Кутина дага ца догIура цо ша цкъа мукъне а хьостуш йа маравуллуш.
– Нана, со сан дена дукха везарий?
Кутас и хаттар дуьххьара деллера шен нене, цундела Цаца цецйелира:
– Вай дер везара. И стенна хаьттира ахь?
– Суна цкъа а дага ца догIу, цо со хьаьстина, йа довха дош аьлла… цундела хоьттура ас.





