На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Суна чIогIа хала а, буьрса а амал йолуш стаг хетара иза.
– Дер везара хьо цунна чIогIа дукха. Хьо бен кхин дахаран маьIна ма дацара цуьнан кху дуьнен чохь. Iуьйранна хьо самаваларе сатуьйсура цо, буьйсанна хьо дIавижча хьуна са гатлора цуьнан, амма къонахийн ламастехь дац синхаамаш Iорабахар, ткъа и санна къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча.
– Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:
– Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.
– Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар.
– Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.
– Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.
– Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.
– Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.
Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:
– Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.
Сесана…
II
– Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со.





