Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
2 чтения

Дата выхода

25 октября 2023

Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза.

Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.

– Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто. Иза сан дахаран йоккха а, шатайпа а агIо йара. Зудбераш сан дешархой хилла ца Iара, со йоьллера церан къоначу кхолламех, дахарех. Суна бевзара церан лаамаш, сатийсамаш, бIаьстенца лаьттахь гучуйевлла зIийдигаш санна болу церан дуьххьара цIена синахаамаш.

Тхан гергара масех йоI тхо долчохь Iаш йара дешар чекхдаккхалц. Суна дахарехь гуш кхин хIумма а дацара, айса хаьржина Iилма доцург. Сан коьрта Iалашо йара сайх тешна долу зудберашна буьззинчу барамехь сайн хаарш кховдо. Хан йоьдура. Суна хаьара сан дагна тIедоьлху некъаш лоьхуш дукха кегий нах хилар. Нохчийчоьхь бевзаш болчу Iеламнаха дукха захалонаш кховдийнера сан дега. Цхьаберш духьало йан ца товш хиллал цIейаххана а бара Нохчийчоьхь, амма сан дог къевлина дара, ткъа цуьнан догIа даста церан ницкъ ца кхачарна со ма йацара бехке.
Бехке дукха хьолахь сан денана йара. Цо дукха жима йолуш дуьйна дийцинера соьга къонахаллех лаьцна, доьналлех лаьцна. Со жима бер долуш цо туьйранашкара турпалхой буьйцура соьга, ткъа йоккха хилча дуьненахь Нохчийчоьнан цIе йаккхийтина болу турпалхой буьйцура. Шайх Мансур, Имам Шемал, Ташу-Хьаьжи, ШоIайп-Молла… церан цIерш йехара сан синхаамех хьаьгна долчу, къона даг чохь. Ас цаьрца могIаре хIотто мегар долчу къонахчуьнга туьйссура са.
Сан ойланашна ца хаьара лаьттахула лела, уьш цу къонахийн сийлалла йехачу стигланан лекхалле кхийдара, церан доьналас дегош хиллачу лаьмнийн ирхенашка кхийдара. Цундела дара суна хала дахаран накъост харжа. – йуха а ойланашка йахара Цаца, ткъа цуьнан дийцаро исбаьхьа туьйрано санна дIалаьцнера массеран а кхетам.

– Цкъа цхьаьна дийнахь тхоьга хьошалгIа веара ЦIоьнтарара ШоIайп-Моллин кIант Мухьаммад-Хьаьжа. – дIадолийра къамел Цацас.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Мзия Ратиани! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги