На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Иза сан дененан генара гергара стаг вара. Чохь кхин хийра стаг ца хиларна, денанна улло охьахиъна, церан къамелашка ладугIуш йара со.
– МостагIашна чIир оьцуш, лелаш хиллачу Довта-МартантIера хьан гергарчу стагах хIун хилира? ЧIир эцна ваьллий иза? Маьрша дахаре йуха ца вирзина? – хаьттира сан денанас Мухьаммаде.
ГIайгIане велакъежира тхан хьаша:
– Наггахь Нохчийчоьхь а хуьлу иза. Масех бутт хьалха Довта-МартантIехь цаьргахь хьошалгIахь волчу хенахь гинера суна иза. Цуьнца цхьаьна бара гIебартойн элий – вежарий Кучук а, Атажуко а.
– Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.
– Дер ца хилла.
– Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.
Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?
Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш.
– Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?
Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.
– Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас.





