На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал.
Кутас леррина ладугIура цуьнга. Цхьа тамашийна синхаамо дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна.
– Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.
Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а.
– Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.
– Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош.
Заза хазахетар ца лечкъош, сихонца арайелира. Кутас доза доцуш лорура Заза иза шен ненаца кIеда-мерза хиларна. Боккъалла а йоккха уьйр йара марненан а, несан а. Зазина дахаран масала хетара, син-оьздангаллех дуьзна долу шен къеначу марненан васт…
III
Массо а йуха а Кута волчохь охьахиира Цаце ладогIа.





