На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Йехха корах ара а хьоьжуш, шен къамел долийра йоккхачу стага:
– Эндерейхь суна иза гиначул тIаьхьа дIаделира кхин а масех шо. Цул тIаьхьа иза тхо долчу Сесана веара. ХIетахь дуьххьара цхаьнатуьйхира кхолламо тхан дахаран некъаш. Делкъ ламаз диначул тIаьхьа со сайн зудберашца маьждигера хьуьжар йолчу агIор йоьдуш йара. Божарийн некъ ца хадо, пена йисте девлла лаьттара тхо. ЦIонтарара ШоIайп-Моллин кIантаца Мухьаммад-Хьаьжица цхьаьна ламанхойн тобанна йукъахь лаьттара иза. Суна сиха вевзира иза, ткъа дилха дог кийрара араэкха санна тохаделира.
– Хьоьга ца хаьттича ца йолу со. – Йехха соьга хьаьжира баба. ХIара лараме нах хьо йеха баьхкина бу.
– Баба, суна ца лаьа маре йаха. Хьуьжарера дешар чекхдаккха дезаш зубераш ду сан. – сиха гайтира ас сайн реза ца хилар. Сан ткъе йалх шо дара. Ма-дарра аьлча со хан йаьлла йара. ХIетахьлера мехкарша дукха хьалхе дуьтура шайн ден цIа, цундела массо а цецволура сан маре йаха ца хуьлучу лаамах, цул совнаха, соьца доьзал кхолла лууш а, соьца безам болуш а дукха тоьлла ламанхой бара.
– Нийса боху Цацас! Сихо йац цуьнгахь. Кхуьнах тешна, Iилма Iамош долу зудбераш а дуьйтийла ма йац ах новкъахь! – реза хилира соьца сан нана.
Со арайолуш, неIсагIе кхаьчначу хенахь, дийкира сан дененан аз:
– Хьо йеха нах бахкийтинарг мила ву хаьий хьуна?
– Мила ву? – хаьттира ас йуха ца йоьрзуш.
– Довта-МартантIера чIинхо Маьхьди. – дозаллица элира бабас. Со Iадийча санна сецира, ткъа йуха массо а цецвоккхуш, йухахьаьжначу ас меллаша сайн денене элира:
– Баба, со реза йу!
Денана соьца арайелира.
– Йелла ма йала хьо! Хьуна гина а ма вац иза! Цкъа мукъне а бIаьрг тоха цуьнга – йоьхнера сан денана.
– Ахь соьга вийцина Маьхьди вуй иза? Валахь суна иза тоьуш ду! Ган оьшуш дац, суна гина ву иза. – сайн дахарера коьрта сацам тIеоьцуш, доцца жоп делира ас бабига.
Тхан къамел хезна, тхуна тIаьхьа арайелира сан нана.
– ЙоI, хьо лартIахь йуй? Хьан дел воккха ма ву иза.





