На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Iуьйранна сатоссуш, Кушмэзыкъуей йуьртара ламанхошца цхьаьна новкъавелира иза Борзак лаьмнашка дIахеца. Лаьмнийн когашкахь Iуьллучу хьаннийн хотешка кхечира уьш, вордан чохь къона борз а йалош. Маьхьдис меллаша схьадиллира ога:
– ДIагIо, Борзак… хьо маьрша йу хIинца. КъинтIера йалалахь суна.
Борз оган чуьра ара а йаьлла, акха дIасхьахьоьжура, ша боккъалла а маьрша йаларах ца кхеташ, луьстачу хьаннийн цIеначу хIаваах ца Iебаш, хийлозза замано зийначу Кавказан лаьмнийн муьлха дуьткъа тача ша хоржур те ца хууш.
– ДIагIо, Борзак! Маьрша хуьлда хьо лела некъаш! – гIайгIане элира Маьхьдис, ша дагна гергара накъостаца къаьсташ волуш санна.
Борз меллаша хьуьнан йисте дIайолайелира, амма масех гIулч а йаьккхина, йуха хьаьжира иза.
– ДIагIо, Борзак! ДIагIо – йуха а элира Маьхьдис. Борз хьаннийн хотехь къайлайелира. Вехха цунна тIаьхьа хьоьжура Маьхьди. Ма дукха йара цуьнан коьртехь хьере ойланаш. Иза хьоьгура къоначу экханах, цуьнан маьршачу сих а, дегIах а, ткъа хIара-м бекхаман гураша лаьцна ма вара.
Къона ламанхой ворда йоьжначу говраца цIехьа а бахийтина Маьхьди а, Кучук а кхузара гена воцуш Iаш волу шайн хьаша волчу вахара. Иза волчохь дууш-молуш хан а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна Кушмэзыкъуей цIа вогIуш вара Маьхьди шен накъостаца. Кавказан ламастехь ма-хиллара хIусамда хьеший новкъабаха вахара. Йуьрта йисте кхаччалц уьш новкъа бехира цо. Вовшийн Iадика йеш лаьттачу царна цIеххьана хезира адамийн маьхьарий а, жIаьлейн летар а цхьаьна ийна йоккха гIовгIа.
Ловв аьлла цIе летира Маьхьдин кийра.
– Борзак! – мохь белира цуьнга! Багош шен динна шед тоьхна, цуьнга чабол болар оьцуьйтуш, дIахаьхкира цо иза бохам баьллачу меттиге. Цунна тIаьхьахIиттира накъостий а. Борз лаца шайн аьтто баьлла, баккхийбеш болчу ламанхоша тидам а ца бира, Маьхьдин.
– Борзак! – мохь туьйхира Маьхьдис, адамийн тобанна йукъаэккхаш. Хьоме аз девзина, къона борз тохайелира. Иза лаьттара хьалагIатта гIертара, амма гIора дацара цуьнгахь.
– Совцаде шайн жIаьлеш! – оьгIазе мохь туьйхира Маьхьдин накъоста Кучука. Маьхьди меллаша барзана улло охьалахвелира.





