На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цо сихонца теллира берзан дегI, хиллачу чевнийн йозаллин барам буста гIерташ.
– ХIун хиллера кхузахь? ХIунда йина аш цунна и гIело? Жима ма йу иза.
ХIун зен динера цо шуна? – оьгIазе хаьттира адамашка Кучука.
– Сийсара йуьрта йистехь жIаьлешна тоссайеллера иза. Ши жIаьла этIийнера цо. Тхо цецдевллера борз ишта йуьртана улло кхачарна. Иза сиха йедда хьуьнха дIагIур йу моьттура тхуна. Амма тахана Iуьйранна сатоссуш, жIаьлейн летаро йерриге а йурт гIаттийнера. Цундела барзана кIело йан арадевллера тхо массо а.
Кучука куьйг кховдийра цуьнга:
– ХIумма а дац. Шу бехке дац. Шуна хала ца хетахь, тхайца дIайуьгур йара оха иза – элира цо.
– Вай дер хетар дац тхуна-м хала – реза хилира гIебарто.
Халла садоьIуш йара Борзак. Цуьнан чевнийн йозалле хьаьжча, иза дийна йуьссур хиларан жимма а догдохийла йацара. Бехчалга йукъа а хьарчийна, говрахь Iаш волчу Маьхьдига дIакховдийра ламанхоша чевнаша гIелйина къона борз.
– Кхоьлиначу бIаьргашца хьоьжура борз Маьхьдига.
– ХIинца кхетар йу хьо соьх, Борзак. ХIинца цхьаьнахьаьрчи вайшинан дахаран некъаш. Ишта ас а Iевшина хьуна къизачу дахаран къаьхьо. Тахана хьо санна хийлозза мецачу жIаьлейн гуонехь цхьалха виссинера хьуна со дала орца доцуш. Цундела оьшура суна хьоьгара гIо, амма хьо соьх ца кхийтира. Хьо дукха къона йара, хьуна маршо йезара, хьуо ас йийсаре латтош йу моьттура хьуна, цундела сан кийра шийла ша буьллуш угIура хьо, тIаккха ас хьо кхин тоха са ца хилла маьрша йитира, амма кхолламна лиъна хилла вайшиъ йуха а заманан майданехь цхьаьна нисдан.
Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу.
Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.





