Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
2 чтения

Дата выхода

25 октября 2023

Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Ткъе итт шеран йохаллехь тIулг санна чIагIделла нохчочун дог ца Iевжира, ца делхийра цо тахана ирсах марзо оьцучу мостагIчо хIаллак дина долу шен ирс…

Иза меллаша чоьхьавелира, топ йулуш, ткъа цуьнан накъосташа цIенон гуо лецира. Герзах воьттина, цIий Iано хьаьгна экха санна дера нохчо шена йуьхьдуьхьал хIоьттича, дерригенах а кхийтира майор – бекхаман мах дIабала хан кхаьчна. Пенаца нийсса лаьттара майоран Iадийна зуда, шийла кхерам кегийчу дегнашка буссуш, дIатийра бераш. Йа мостагIа а йа чIирхо а вовшашка вистхуьлуш вацара.

Майор цецваьллера шен кертара жIаьла а ца леташ, Маьхьди чоьхьаваларах. Маьхьдис айдира герз, амма цу мIаьргонехь чоьхьавелира, хетарехь майоран уггаре а жимох волу кIант. Стигла санна сийна а, цIена а долчу беран бIаьргаш чохь бацара жимма а кхерам – иза ца кхетара хуьлуш долчунах. Жима кIант велакъажарца хьаьжира кхайкхаза веанчу хьаше, ткъа йуха шен дена доггах марахьаьрчира, тховса иза шена тIаьххьара гуш хилар жимачу даго хьехча санна. Шен ден некха тIе корта а биллина, вехха хьоьжура жима кIант Маьхьдин бIаьра.
Маьхьди кхетара шен кийрахь йаьлла цIе мостагIчун беран бIаьргийн сийналло йойуш хиларах…

ХIинца а чIагделла ца хилла замано шерашца чахчийна дог. Дуьхьал тессира шен делла Iуьллуш хилла пхи бер. Йеллачу ненан дегI маракъевлина хилла церан кегий куьйгаш, йаьххьаш тIехь йиссина нуьре серло, хьомечу йуьрта тIехула айделла хилла сийна кIараш, къиза байинчу махкахойн декъий. ХIун ойла хилла те кхуьнан доьзалан дахаран тIаьххьарчу мIаьргонехь? Кхойкхуш хиллий те уьш хьомсара дега, боьхуш хиллий те цара мостагIчунга къинхетам? Кхуьнан дахар а ма дара ишта ирсе а, токхе а, тахана хIара кхайкхаза хьаша хилла чоьхьаваьллачу кхуьнан мостагIчун санна.

Безам а бара, синтем а бара, дахаре шовкъ а йара, кхууьш тIаьхье а йара, чуверза хIусам а йара. Цу ша дерригенах а цхьаьна дийнахь ваьллера Маьхьди, ткъа цул тIаьхьа дерриге а дахар чIир хилла дIаделира. Кхуьнан дахарехь хIинца диссина хIумма а дацара, бекхам боцург. ЧIир иэца хIоттийначу Iалашоно дузийнера кхуьнан дахар маьIнехь, ткъа кху буса бекхаман рузманехь дIалуьстур йу тIаьххьара агIо.
Довта-Мартанна къиза тIелатар дан омра луш, куьйгаллехь мел хилларг ткъе итта шеран йохаллехь хIаллак вина Маьхьдис, тIаьххьара виссинарг хIара майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Мзия Ратиани! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги