На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…
Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.
– Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…
ХIумма а ца хилча санна лепара стиглахь седарчий, ткъа Маьхьдис цу буса йерзийра ткъе итта шарна йахйелла хилла ша мостагIашна кхайкхийна чIир. Цуьнан кийрахь къинхетам нуьцкъаха хиллера мостагIашка болчу цабезамал а, чIир эца болчу лаамал а, бекхаман ницкъал а. Маржа-йаI, стенах дина хилла теша цуьнан сел онда а, цуьнца нийсса кIеда а хилла, баланаша мел чахчорах чIагI ца делла дог.
Масех шо даьлча, цхьаьна къизачу къиссамехь оьрсийша герз тоьхна йийра Борзак. Ишта виссира, Кута, хьан да шен тешаме накъост воцуш, ткъа цуьнан дахарера и хилам тахана санна сан бIаьргаш хьалха лаьтта. Ма ларамза дац хьо доьналлех вуьзна хилар… – элира къена гIебарточо Жанхота. Иза хьалагIаьттира дIаваха ойла йолуш. Цунна тIаьхье хьалагIевттира кхин болу ламанхой а.
– Мел хан йаккха дагахь ву хьо тхо долчохь? – хаьттира Жанхота.
– Тахана дIаваха дагахь ву со. Шу гина суна, шун рицкъанах а кхетта со, ткъа сарахь новкъавала мегар ду – велакъежира Кута.
– Тахана оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.
– Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало.
Хапагож
I
Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а.





