На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.
МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн кIотаре кхечира ламанхой. Кутина дика йевзара кIотар – иза дукхозза хиллера кхузахь. Хьапагожан кевна кхаьчча, говрашкара биссира ламанхой. Кевнаш схьадоьллуш, араваьллачу къона чергизочунна сиха вевзира нохчийн обарг.
– Ассаламу Iалайкум! – дегайовхонца маракъевлира цо Кута, ткъа къона ламанхочунна кхин а чIогIа хазахийтира Мисост чергизойн маттахь шега вистхилча.
– Ассаламу Iалайкум! Оха пурба ца делла хьуна меттахвала а! – Кутас доггах маравоьллира шен дуй биъна ваша Хьапагож. ГIебартой гина а хазахийтира Хьапагожана. Цунна Мисост дика вевзара. Кутица буьйса йоккхуш цуьнан хIусамехь хиллера иза.
– Лараме Хьапагож! Кута ша дIавахийта ца лиира тхуна.
– Барам боцуш хазахета суна шу гина. Ма дика ду-кх аш сан ваша ша новкъа ца валийтина – баркалла элира Хьапагожа гIебартошна. Кута чергизойн обаргана улло охьалахвелира.
– Мичахь лазийна хьо? – цуьнан чевнан йозаллех кхета гIертара Кута.
– Тхайна тIаьхьабевлларш тило гIерташ, балкхархошца цхьаьна Майски станица йолчу агIор дIадуьйладелира тхо, цигара уьш Лаккхарчу Балкхаре гIур бара, ткъа тхо Исламейхула Чергиза дехьадевр дара.
– Вайх хIоранна а Дала билгалйина хан йу, цундела цхьа а тIаьхьа а вуьссур вац, йа хьалха а вер вац! – элира Хьапагожан белшах куьйг тухуш, гIебарточо.
– Кута, шуна стол мичахь кечйича нийса хир дара теша? – хаьттира Хьапагожа.
– Стол хьо волчу чохь кечйича нийса хир ду.





