На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Хьуна а луур ма ду, хьайн хьешашца цхьаьна кхачанах кхеташ марзо иэца! – хьехар дира Мисоста.
– ХIумма а дац! Цхьа ши де даьлча, сан хIусамнана цIа йогIур йу, тIаккха цо дика лелор ду вай. Шен ден цIа йахана йу иза! – элира чергизочо.
– Кута! Хьапагож! Тхо хIинца меца а дац, садаIа аьтто а баьлла, цундела ГIебарта дIадахча нийса хир ду. ХIинца тхан ваша Кута шух тешна а вуьтуш, майрра дIадаха мегар ду тхо шун пурбанца! – элира Мисоста.
– И санна дерг дийца а ца оьшу! И хIун къамел ду? Ас шаьш дIадохуьйтур доций ца хууш ду шу? – реза воцуш цкъа цаьрга, йуха Куте хьоьжура Хьапагож.
– Мисост! Хьапагож нийса луьйш ву! Суна ца лаьа шуьгара сан доттагIчунна вас хилийта. Шу дуьххьара хьошалгIахь ду цуьнан хIусамехь, цундела буьйса ца йоккхуш, новкъадовлар гIиллакхехь хир дац. – элира Кутас, хьалагIаьттина хилла гIебарто, белша тIе куьйг диллина охьахаавеш.
– Дер тхуна дагахь ма дацара хьан доттагIчунна а, хьуна а вас йар. Цундела къинтIера довла тхуна! – элира Мисоста, Хьапагожан хьошалла а, цо кховдийна довха вошалла а хазахетарца тIеоьцуш.
– ХIусамден бакъонаш лоруш, Хьапагоже дийцийта деза иза, цул совнаха иза ша ву со шен дуй биъна ваша ву аьлларг, оцу кепара тхан йукъаметтигаш жоьпаллин лаккхарчу тIегIане а йохуш! – элира Кутас.
Хьапагож велакъежира. Гуш дара мел беза а, сирла а бу цунна тахана ша Iора баха безаш болу дагалецамаш.
– Иза сан дахарера шатайпа хилам бара. Цуьнан орамехь Кавказан къаьмнийн доттагIаллин гIиллакх ду. И гIиллакх лело а, ларда а деза вай массара а! – элира Хьапагожа, маьнги тIехь хьалахууш.
– Пхийттара ваьллачу дийнахь дуьйна вайн мостагIашца къиссам латтош ву со. ВуьрхIитта шо долчу хенахь, голех чов йинера суна. ХIетахь дуьйна виссина со астагIа. Цундела олуш ду соьх халкълахь астагIа Хьапагож – велавелира чергизойн обарг, ткъа йуха лерина хьешашка а хьаьжна, дIадолийра цо шен къамел.
– ХIетахь Кавказехь со дика вевзаш жима стаг вара. Цхьаьна дийнахь, Бесленейхь Iаш болчу сайн ненахойн тойнехь суна йевзира исбаьхьа хаза йоI. Иза хиллера ногIийн эланан йоI. Ханна чIогIа жима йара иза, амма цуьнан хазалло бен доцуш ца вуьтура цхьа а. Цу тойнехь со вуй хиъча, со шена гайта аьлла дехара дина хиллера цо. Соьга сиха хаам бира Ураковски ногIийн эланан йоI, хазаллица цIейаххана йолу Сююмбике йу аьлла со ган лууш.





