На нашем сайте вы можете читать онлайн «Хьехархочун дийцар. Дийцарш». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш

Автор
Дата выхода
13 марта 2023
Краткое содержание книги Хьехархочун дийцар. Дийцарш, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Хьехархочун дийцар. Дийцарш. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Хьехархочун дийцар. Дийцарш без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Мелла а х1инцалерчул жима ма вара со оцу хенахь, – бегаш т1е даккха г1оьртира со къамел.
Махьмуда-м велакъежа сурт х1оттийра, еккъа ц1ена шен нийсачу, ирйоьг1начу г1ожмех йина керт санна йолчу цергашца, 1аьржачу мекхан юьхьигаш нисъйина д1аса а озош. Сан кхетамехь дийцича, тахана дуьйна тхуна юккъехь и серийн керт яцахь а, цхьана ирчу серех йина къастор-м яра. Ши-кхо де делира юкъа, со мелла а къахка ца веш, сан са малдолуьйтуш. Амма цхьана 1уьйрана, малхо со чохь 1аш волчу ц1енна хьалхара 1ежийн диттийн г1а маждеш серладоккхучу хенахь, со уьйт1а ваьлча, суна гира 1ожа к1елахь, х1инцца диллича санна 1уьллу, даьсса къаьркъанан шиша.
– Ванах, хьенех, хьо тахана ма к1адвелча санна ву, б1аьргаш а бу хьан ц1ийбелла, – эккхийтира цо б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна.
– Деллахь, сайн ма-хуьллу хьох лачкъо г1оьртинера со, амма хьо 1ийр йолуш-м яц, и сан къайле гучу ца яьккхича, – элира ас, дог доьхина кеп х1оттош.
– Ой, и бохург х1ун ду? Миска я1… Деллахь, и сайн хилла волу майра вита дийзира сан, и маларах кхеташ хиларна, – шен къайле, кхин шен шуьйрачу кийрахь ца сацалуш, схьакъадийра соьга жерочо.
– Делахь, иштта д1адодахь, оцу маларах со а веттавала мегаш ву-кх, – кхин а марсаяьккхира ас завучан сема ойла.
– Х1ун? Муха? Цхьа шиша а к1езиг хуьлу хьуна цхьана суьйрана?! – гучуяьккхира завуча шен къайле, сох кхинхетам дукха совбаьлла, т1ех а бахана.
– Ахь х1ун шиша дуьйцу? Ас буьйцург-м, сайн хьоьга бахана и бовха безам бу. И безам бахьанехь буьйсана сахиллалц набъеш вац со. Сахиллалц стихаш, стихаш, байташ язйо-кх. Бехк буй сан х1окху мискачу б1аьргийн ц1ийбелла, кхихкина т1ехбахача а?! – Чацкийн монологе д1аг1урттуш дош элира ас.
Иштта дешнаш-м жерочунна шен дашо жималлехь а ца хезначух тера дара, цуьнан нана-баккхий 1аьржачу б1аьргаша схьадийцарехь.
– Ой, цо х1ун дуьйцу! Ой! Иштта шена ницкъ бан мегар ма дац. Со-м, дера, яц дуьхьал, иштта бахьана долуш ахь молуш долчу оцу цхьана-шина т1адам къаьркъанна.











