На нашем сайте вы можете читать онлайн «Хьехархочун дийцар. Дийцарш». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш

Автор
Дата выхода
13 марта 2023
Краткое содержание книги Хьехархочун дийцар. Дийцарш, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Хьехархочун дийцар. Дийцарш. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Хьехархочун дийцар. Дийцарш без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Со-м суо а ма яра, иштта, хьо санна, цхьалхе дисина са лохуш, вай-м кхин башха хийра ойланаш йолуш а ца хилла, – т1етайра онда дег1ехь йолу завуч сан мискачу дагна. Амма г1улкх генадолуш лаьттара, дагахь а доцуш, сиха. Кхин д1а бегаш бар минийн аренгахь санна кхерамен дара.
– Мегар ду, ойла йина х1ума дан дезар ду сан. Со-м дуьхьал вацара, амма алапа ч1ог1а к1езиг ду сан. Зуда хьехочохь дац цкъачунна. Амма, ког когах кхетта а, сайна дакъазвала дагадог1уш хилахь, аса SMS-ка йоуьйтур ю хьоь-га, – къиза хадийра ас малхе г1оьртинчу къеначу зезаган безаман орамаш.
Со хьехархойн чоьне д1акхочуш херъеллачу не1арехь хезира суна телефон чухула ондачу завуча шолг1ачу завуче ден къамел:
– Цо х1ун дуьйцу? Цхьана буса ши шиша къаьркъий! Хьажахьа, т1ехула т1е РОНО-хь болх бина а ву-кх х1ара! Молуш ву аьлла, цигара а эккхийна хир дера ву. Иза-м берашна улло вуьтучохь а ма вац… – со чоьхьа а вьлла юкъах-делира озачу завучан телефонан къамел. – Де дика хуьлда хьан…, – т1етуьйхира цо соьгахьа а йирзина.
Хьехархойн чуьра кхо-виъ хьехархо соьга вистхуьлуш, вист ца хуьлуш, д1асавевлира. Чохь йисина къона хьехархо Залина-м соьга голливудан кинофильман турпалхочуьнга санна хьожуш яра. Ас къайлаха б1аьрг та1ийра йо1е, цуьнан сийначу б1аьргашкара елакъажаран серло а яржош чохь. Оза завуч шен «ца дича ца довлу» г1уллакаш дан араелира. Чомехь урокаш ялар-м дуьйцучохь а дацара, де а доьхна даьллера.
– Залина, соьга маре ян еза хьо, хьо цхьаъ бен сох саьрмак тарбалаза кху школехь висина стаг а вац, – элира аса йо1аца со висича.
– Д1авала хьераваьлла хьо. Со-м хьоьга тхайн дега санна хьоьжуш ма ю. Со дукха жима ма ю хьуна, – ша аьллачунна бехказалонна совг1ат санна, хьехархойн чоь малхо санна серлайоккхуш, елакъажар делира суна йо1а.
– Мегар ду делахь, Залина. Нагахь санна, ког когах кхетта а, шайн дас хьо араяккхахь соьга хаийталахь.
Шолг1ачу дийнахь, ишколехула туьйранаш санна лелаш, схьакъиэдадеш дара: керла хьехархо маре г1уриг хиллал боцчу маьхкаршка дог хоуьйтуш хаавелла; керла хьехархо берийн ц1ийнера кегийчу зудаберех т1еэцна бераш дан г1ерташ ву! Вовшашка и кхаьънаш дохуш хьехархой а, цхьадолу лакхара классера зудабераш а, цхьана к1иранах гергга лийлира.











