На нашем сайте вы можете читать онлайн «Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар

Автор
Дата выхода
01 марта 2023
Краткое содержание книги Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
15 дийцарийн гулар ду ишколана хенара болчу дешархошна лерина къастийна. Берашна самукъане хилла а ца 1аш, хьехамен а, пайден а хира ду аьлла хета дийцарш.
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.
Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.
– Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.
Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.
Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.
– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.
Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.
– Ненан ваша? – хаьттира цо.
– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.
– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.
– Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.
Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а.
Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а.
Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш.











