На нашем сайте вы можете читать онлайн «Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар

Автор
Дата выхода
01 марта 2023
Краткое содержание книги Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
15 дийцарийн гулар ду ишколана хенара болчу дешархошна лерина къастийна. Берашна самукъане хилла а ца 1аш, хьехамен а, пайден а хира ду аьлла хета дийцарш.
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Дера ву хьо цара «г1иба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! – т1етуьйхира, даима а т1емлочун дог-ойла йолуш волчу 1арбис.
Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь х1инцца кхиъна вог1учу жимчу стагана дукха хетар-кха шена т1ех1оьттинарг. Йоь1ан дагар хаар къовдор… малик тарделлачу йо1ах догдалар… мехкаршна т1аьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Яккхиэнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1а иэхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.
– Д1адовлийша, аша х1ун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, – к1елхьара валан г1оьртира со доттаг1ийн керара.
Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра уьш.
– Тховса схьадохий вай суьрташ? – хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш – генахьуо.
– Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, – элира аса.
– Кхинарг тоьуш юй?
– Ю моьтту суна, – жоп делира аса.
– Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, – олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.
– Барх1 кепек бу моьтту суна, – цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.
Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.
– Сайд1али, хьо стенга ваханера? – хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.
– Эцца волалуш вара со-м, – дог ца дог1уш жоп делира аса.
– Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? – шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.
– Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… – д1ахадийра аса.
Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира.
– Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, – олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.
Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца.











