На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ йацара: 90—45 ЧИС.
Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:
– ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?
90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.
– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.
ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира.
– Мила ву цигахь? – хаьттира цо.
– Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.
– ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур йу!
– Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…
Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.
Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл йан йеза цо динчунна а.
ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, йа цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, йа цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина йа, йоьIана, йа кхин гергара зудчунна до.





