Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
10 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Ткъа ИбрахIима жоп делира:

– Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун йаьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр йу, сан доьзала и гIуллакх къастолц.

Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур йу.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.

Зарган шен нана йолчура ара йолуш а йацара. Масех де дара иза йуучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а йара.

Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.

КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

II

Дукха Iуьйрре ИбрахIим самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа гIовгIано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, СаьIидаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан йаьлла масех стаг. ИбрахIим сиха аравелира, амма хIара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, СаьIидаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолгIачу цIеночу бахара.

Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира ТасуевгIеран тайпанара масех къано а. ИбрахIиме дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.

Дикка хан йелира ИбрахIим Заурбек волчу чукхайкхале. ХьешанцIа чохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден йуьхь кхоьлина йара. СаьIид а вара оьгIазвахана вуйла гуш.

ИбрахIим кхийтира къамел шегахьа доцуш дIадирзина хиларах.

ДIахIоьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:

– Хьадийцал хIинца хIун ду ахь динарг? Муха бехказа вала воллу хьо кху масех денна йукъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а гIаттийна, цунна тIаьхьаваьлла лелла – Заурбек йемалдарца хьоьжура кIанте.

– Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира ИбрахIим.

– Ца оьшу! Ма-дарра соьга дийцина хьоьл хьекъале а, хьоьл чIогIа кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги