На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана йукъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар.
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.
Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим.
Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, йеара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена йара гуьйренан стигла, ма цеIна йара ИбрахIиман ойла а, синкхетам а.
– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – Йало, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрахIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…
Абрек-м дIаэккха кийча йара, ИбрахIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрахIимана ца лаьара шен дог Iовжо.
Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа йаа хIума йалар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.





