На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар йац – забар йора ИбрахIима.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха йеара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана йукъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна йукъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.
ИбраIхим чоьхьаваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.
– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира. – Со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат йазда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.
– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.
ИбрахIим йуьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Йуьхьанцара хеталора ма шийла йара кIентан а, ден а Iодика йар, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза.
Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…
Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.
Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIейаххана илли.
Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Аргун-ГIала дIабахара – ЧИАССРан йукъарралийн гуларийн пункте.
Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца йуьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна йукъара маларах кхетта верг чу ца валийта.
Шатайпа йара хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла йацахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш йара нанойн гIийла хьежарехь.





