На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-йаI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссайала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй.
ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу йухатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза йала хьаьхначу Афганистанехь йаьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь.
Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, йуха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла йеш, иза Деле доьхуш.
ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна йевзира шайн йуьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна йаьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI йара Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана йало. Хьава тахана кхуза йеанера эскаре шен ваша новкъаваккха.
Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира.
– Гирий хьуна мел хаза йоI йара хьайга хьоьжуш?
Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м йуха а шенаг дуьйцура:
– Дер йу Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.
КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера йу.





