Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.

ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна йукъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.

Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан Соьлжа-ГIалара вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане йаьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецайелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ.

Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.

Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, йарташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра.

Йуьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а йеш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш йеш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар.
Дуьхьал летачарна йукъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна йукъахь Советски Сойузан регионашкара саьлтий бара.

И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго йан ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецайелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор йац, йа йоха а лур йац.

Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.

ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш йайна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор йац цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги