Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Эпсараш йукъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот йаьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.

Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.

Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан йаьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа йаьржина йара. Цхьа шо а сов эскарехь хан йаьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.

Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух.

Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, йа иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш йара, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.

Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг йуьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара.

И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал йара. Латар массо а бакъенаш ларъйаш дIадахьа дезаш дара – дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.

Нийсса пхи-йалх секонд йалале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.

ШолгIачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.

Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин агIонехула гIовса ца хууш санна Iоттар йира:

– Нагахь санна массара а къаьмнийн йукъаметтигаш Тасуев ИбрахIима санна къастош йалхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара.

ИбрахIима ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг йа ИбрахIимана а, йа кхи болчарна а тIаьхьало йоцуш ца диссира. Самвела йуха а шен махкахой Арсенна дуьхьал гIовттийра. Цара казарман уче а ваьккхина кIело йира цунна. Оцу кепара йуха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги