На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
И дов цхьаьна баттахь къастош дара тIеман дознавательс.
Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, ИбрахIим а. Дешаран декъан командира и гIуллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха таIзар ца дира – кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.
ИбрахIим цхьанца а башха доттагIалла а йа гамо а ца лелош, тийна-таьIна воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца йуьссура эпсаршна а, командирашна а.
Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша йа инзаре хьал долуш верг хир ву, йа карахь Iедал дерг хир ву.
Советан эскарехь тIеман декхара дIакхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а хьалха хIиттийна Iалашо йу жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.
ИбрахIим «кхетор» шена тIелаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а гIоьртина вара цуьнца. ИбрахIимана Iоттар йан даима цхьацца бахьана карадора цунна.
Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалгIачу курсера дIаваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, йа цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна йукъахь иза даима а къаьсташ вара. ИбрахIимал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи дIа а тIеман декхара дIакхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош.
ЦIеххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, ИбрахIиман а дика доттагIалла тассаделира. Юрийс дукха хIуманна тIехь бIаьргаш биллира ИбрахIиман. Шегахьара оьшу гIо дан тешо а йира. ИбрахIима хазахетарца тIелецира шега кховдийна доттагIалла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта хIума а хуьлура.
Ах шо хан йелира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь дIадоьду.
Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маьIне хиламна кечам беш. Iуьйранна дуьйна сарралц дIасауьдура уьш тIеман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш дIайохуш. ЦIаналла лепаш йара йерриге а хьаьрма. Нагахь санна цIеххьана тIеман инспекци кхачахь а, йуьхьIаьржа хир бацара уьш.





