На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.
– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а йукъахь санна йара. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду.
Подполковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.
Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.
Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана йелла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.
Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш.
Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.
IV
ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, йекхна лаьтта.
Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан йаьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза.





