На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-йаI ма хаза хан йу-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхйаьлла дагалецамашкахь ша ма йарра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъйелла ши йоI кафе йахара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIайаха дийзира.
Паркера цхьаьна гIанта охьалахъелира ши йоI, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, тIаьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост.
Церан тIеман духарах а, зоьртала догIмех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха дIавахара. Дукха кхерайелла Iадийна йоI йуьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.
Мокъа хан йаьллачуьра, ИбрахIим а, Юрий а гIалахь садаIа меттиг лоьхуш вара. Концерте йа, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца догIура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, Iома йистехь лаьттачу IиндагIах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн Iалашонаш.
Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь хIинцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам чIогIа хиларах.
– Кхунна оьгIаз ма гIолаш! Дукха хан йац хIара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа йуха хьалавала муш хаьдда виссина хIара, цундела жимма аккха ву. Дика кIант ву шуна хIара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.
ИбрахIим вовза луучу Ольгас ша долийра кIантаца къамел. Цкъачунна ИбрахIим цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш Iаш вара, амма жимма хан йаьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.





