Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолайала йахара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.

Маржа-йаI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург йетта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара – Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а йерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:

– ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна Жоьжахатан кевнаш!

Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира.

Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма йеза Iовша…

Йешна книгаш, гина фильмаш йийцаре йеш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна.

Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, йуха чIогIа йоьIан куьйг шена керайукъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа йуха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу.
Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана…

Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь йаздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу – халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу.

Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.

ИбрахIиман а, Ольган а йукъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш йара. Муьлха а мокъа минот йаьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр йара цу шинна йукъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна йуххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги