Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла…

Царна йукъахь йаьлла цIе кхин а чIогIа марсайелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Йухьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIайеккхира и шеко.

Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа йуха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора.

ИбрахIиман карахь эрз санна йуьткъа йара йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар – цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз.
Ткъа йоI ирсе йара. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча йара цуьнан карахь йага…

Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел йуха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:

– Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…

Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера.

Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна йамарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна йамарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…

II

Ольгин да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла.

ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагайелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги