Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха…

Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а йукъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.

Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй.

Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш йац цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана йамарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг…

Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна йукъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика йан а.

Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца йеллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:

– Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.

ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса йуккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана йукъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.

Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.

Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах йа, шуранах хуьйцура иза, амма йуха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.

Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:

– Гой хьуна! Боккъалла а хьо йезаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!

Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат йух-йуха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги