На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.
Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу йукъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.
РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим йуха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна йелира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхйелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а.
ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина йаьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен йацара.
Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна йукъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь йуха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а.
Дай баьхна Латта
I
Москва – Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале.





