Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
18 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Ма шатайпа хаза йара Соьлжа-ГIала кху гуьйренан Iуьйранна. ИбрахIима бIаьрг тIера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ тIера.

ДIауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула дIавоьду хIора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-ГIалара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа йуха ма чехка деттадала доладелира дог – хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу йуьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш Iуьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош.

Шатайпа хаза ма йара ИбрахIиман йурт – хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера бIаьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн гIаларташ. ПохIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма йара хIара йурт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.

Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима – дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ.

Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.

– Да висса, Нохчийчоь… йиш йалара хьо, доггах маракъовла – цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот йаьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а…

Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара.

Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь йаздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух йара. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а йаханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира.
Бер деш Ольга дIайелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.

И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко йацара Ольга йаларан бехк шен хиларан.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги