ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
5 чтений

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

– Йа АллахI Дела ма хаза кхаъ бу иза! Руслан, ткъа вайн йуьртахь йа лор а, йа лазаран цIа а ма дац.

– И бахьана долуш долийна-кх ас хьоьца хIара къамел. Сан а йа, Бэллин а цхьа а гергара стаг вац, йа уллера а, йа генара а, ткъа иза кхузахь цу хьолехь йита суна ца лаьа.

– Со кхета ахь дуьйцучух, Руслан. Сан дейиша йу Махачкалахь Iаш. Бераш даккхий хилла, шайн доьзалш болуш Iаш ду цуьнан, ткъа иза ша йехаш йу. Шуна паргIат Iойла хир ду иза йолчохь. Ас гIо дийр ду шуна цига дIадаха.

– Дела реза хуьлда хьуна, Расул.

Тут будет реклама 1
Со тешна вара ахь сайна гIо дийриг хиларах, амма Бэлла ша йу цига дIайига йезаш, со гIур вац.

– ХIунда гIур вац хьо?

– Йалх беран да хьо а ма ца вахана цхьанхьа а дIа. Зудчун букъа тIехьа лечкъа суна-м ца лаьа. Со гIур вац, Расул. Бэлла кхузара дIайига гIо де суна.

– Дер, Руслан, со хьоьх кхета ма кхета. Хьоьга ала хIума дац сан… ас а бийр бара ишта сацам, хьан метта хилча. Са ма гатде ахь, Бэлла сихонца дIайуьгур йу вайшиммо кхузара.

Биъ бутт баьлча бен аьтто ца белира Русланан Бэлла Махачкала дIайига.

Тут будет реклама 2
Иза сихонца лоьрана тIе йахара. Зудчунна мелла а сиха хаьа лаьара шен доьзалхочух дерг, лаьара цуьнан детталучу жимачу даге ладогIа. Бэллина лаьара шен кIант хилийта. Цунна хаьара дуьнен чохь дог эца нана а, улло хIотта ваша а, жоп дала да а воцучу Руслана мел чIогIа сатуьйсу шен кIант хиларе. Бэлла ша а ма йара Руслан санна цхьалха. Цхьаллин шийлачу мехаша човхийначунна бен хуур дац цу дешан маьIна. Де доьхначу дийнахь, дала орца доцуш леллачунна бен хуур дац, адамийн къоьлла дуьнен чохь уггаре а хала хIума хилар.
Тут будет реклама 3
Дахаран новкъахь Руслан воцург кхин уллора стаг воцучу Бэллина тамашийна хетара шен кийрахь бер моссазза тохало. ХIинца и шиъ цхьалха дац. Кеста кхеран дахарна керла маьIна луш, жима адам дуьненчу дер ду, ткъа Бэллин хазахетаран доза дацара лоьро шега кIант хир ву аьлча.

– Руслан, кIант ма ву иза! – мохь беттара цо телефончухула.

– Кхин цхьа къонаха хир ву-кх вайн къоман! Варийлахь, ларлолахь. Ларвелахь сан кIант – элира Руслана.

Тут будет реклама 4
Бэла кхин а цхьаъ ала гIертара, амма дешнаш ца карийна охьайиллира цо телефон. Ма-дарра аьлча, Бэллина лаьара Руслан уллохь хила, амма иза кхетара шен хIусамда чолхе киртиг тIехIоьттинчу мIаьргонехь даима шен къомаца вуьссур хиларах.

Масех де даьлча, Бэлла йолчу медйиша йеара:

– Бэлла, Людмила Ивановнас ша йолчу чуйола боху хьоьга.

Ловв аьлла кийрахь цIе летира Бэллин. Цхьаъ тосаделча санна сингаттаме детталуш дара цуьнан дог, лор йолчу чуйоьдуш.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги