ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
5 чтений

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Маршалла а ца хоттуш, чоьхьайаьллачу Бэллас сиха хаьттира лоьре:

– ХIун хилла сан берана?

– Хьан берана хIумма а ца хилла! – жоп делира лоьро.

– Далла бу хастам! Ма кхерайеллера со – дагах катухуш, гIанта охьалахйелира Бэлла.

Къена лор йехха хьоьжура цуьнан бIаьра. И тайпа ирча кхаъ ша хийлозза баьккхина боллушшехь, хIоразза а хала хуьлура цунна зударийн бIаьра а хьоьжуш, и шийла сацам царна бовзийта.

– Бэлла, хьан дахарна боккха кхерам бу. Айхьа дог лоцуш гирий хьуна хIинца? Дог могуш дац хьан.

Тут будет реклама 1
Йешшехьа хилла чолхе деган лазар ду хьан. И бер далур дац хьоьга.

– Ткъа берана хIун хир ду?

– Берана-м хIумма а хир дац. Хьуна кхераме ду иза дан. Хьо дийна йуьссий ца хаьа. Цундела хьайн дахаран ойла йан йеза ахь.

– Хьуна хетарехь хIун дан деза ас? – йоьхна хаьттира Бэллас.

– Бэлла, бер дIадаккха деза ахь.

ДогIанан Iовраш санна охьахьевдира Бэллин йуьхьтIехула бIаьрхиш, ткъа и къамел шена хезча санна, кийрахь тохаделира бер. Иза цхьа тамашийна детталора – ма даккха сан са, аш харц ду бахахь а, амма суна лаьа маьлхан дуьне ган – бохуш санна.

Тут будет реклама 2

ГайтIехула куьйг а хьоькхуш Бэллас меллаша элира:

– Ас цкъа а дуьйр дац иза…

Меллаша йистхиллачу Бэллин озехь цо биначу сацаман ницкъ бара хаалуш, цундела Людмила Ивановна кхийтира цо ша аьлла дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах. Кхузткъа шарера тIехйаьллачу лоьра, шен дахарера ткъе пхийтта шо дIаделлера зударийн лоьран корматаллина. Ма дукха зударий гинера цунна, тайп-тайпана хенашкара, къомера, амма уьш массо а цхьаьнатухург уьш наной хилар дара.

Тут будет реклама 3
Цундела хIоразза а – хьан бер дIадаккха деза, йа хьан бер делла – ала чIогIа хала хуьлура цунна.

– Жимма а догдохийла йуй сан, и бер деш суо дийна йуьссур хиларан?

– Йац… сан корматаллин хааршца кхолладеллачу хьолан мах хадийча, догдохийла йан а йац – гIийла жоп делира лоьра.

– Людмила Ивановна, тIедогIучу деношкахь сан хIусамда ву кхуза ван везаш. Мацах цхьаьна хенахь шортта нах болуш хилла стаг ву иза, амма карарчу хенахь сан санна йа ваша а, йа йиша а йа да-нана а дац цуьнан.

Тут будет реклама 4
Азаллехь дуьйна ала мегар долуш, кху бере сатуьйсуш ву иза. Иза ду коьрта бахьана ас биначу сацаман, ткъа шолгIа бахьана – муьлхха а зудчунна санна суна лаьа нана хила, бер дуьненчу доккхучу Iазапан марзо лан а лаьа, мел боккха мах цунах белла а. Цундела цхьа доккха дехара ду сан хьоьга – ма дийца цуьнга хIумма а.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги