Главная » Легкое чтение » ЧIир. Роман (сразу полная версия бесплатно доступна) Хараев ИбрахIим читать онлайн полностью / Библиотека

ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
4 чтения

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Маржа-йаI! Дахаран хийла къаьхьа кад мийла дезна чIирхочун доьзална. ЧIирхочунна тIехь йоккха жоьпалла йу нохчийн къоман Iадатийн лехамашка хьаьжжина. Бехке нахана дика деъча, йа вуо а, цу диканехь-вуонехь латта чIирхочунна тIехь дац олуш ду нохчийн Iадатаца. Цунах а хаьа мегар ду мел ирча а, къаьхьа а хуьлу чIирхочун дахаран некъ.

Нохчийн къоман къаьсттина дукха ду ваIташ. Пхийттара ваьллачу жимачу стага йукъ йоьхку, тIаккха магийна ду чIир оьцуш, цуьнан цIий Iано. Пхийттара ваьлчхьана дуьйна даккхий декхараш оьгу нохчийн жимхан белшаш тIе.

Тут будет реклама 1
Шен доьзалехь цIенна тIедеанчу муьлххачу а вуонан буьззинчу барамехь дакъа кхочуш ву иза. ХIетахь дуьйна иза жоьпаллехь ву ша дIабоккхучу хIора а когана, дIаолучу хIора а дашна. Оьздангалла, ларам, эхь-бехк, йаьхь – цу кхетамашца дустина хила деза цо дахарехь ша шелош дерг. Цунна тIехь ду бусулба умматана тIедожийна долу парзаш – ламаз, марха, закат, хьаж, иштта Iийдан а, докъан а ламазашкахь дакъа лацар. Нохчийн гIиллаккхийн лард, уггаре а лаккхарчу мехалашах цхьаъ ду – воккханиг ларар.
Тут будет реклама 2
Кхузткъе кхаа шарна тIехваьллачул тIаьхьа гIодайукъ йостуш йу къонахчо. Цул тIаьхьа иза воккха стаг лору. Кегирхой цуьнца ларам лело декхарийлахь бу, ткъа иштта воккха стаг чIирана кIелхьара а волу, амма чIир цуьнан доьзалшна тIехь йуьссу. Нохчийн Iадате хьаьжжина, нагахь санна куьйг-бехкениг дийна а волуш, цуьнан доьзалера куьйг-бехке боцурш чIирана кIелхьара боху. Пхьа эца бехк боцуш вийначунах, амма цуьнан кхел Делан кара дIа а йелла, Делан доьхьа стаг витинчунна, Дала ша йоле дуьллур ду Къемата дийнахь.
Тут будет реклама 3
Стаг витина, маслаIат хилла, дов дIадирзиначул тIаьхьа, витина стаг вийначунна Дала шегара кхел кховдор йу аьлла, дуьнен чохь а, Къемата дийнахь а. Цуьнан къеггина масала ду кху романан турпалхочо Даргов Адамс динарг, шен дедас биъна дуй къарбеш, цо йитина чIир карлайоккхуш, цо делла дош дохош, цIий Iанийна цо, оцу кепара шен доьзал бIешерийн йохаллехь ирсах, синтемах, паргIатонах боккхуш. Цуьнан масаллица гуш ду вайна мел чIогIа а, кIоргера а хуьлу Делан оьгIазло.
Тут будет реклама 4
Къаьсттина билгалдаккха деза кху романан турпалхоша – вовшашца чIир йолчу шина доьзала нохчийн Iадат дохош, чIирах шайн дахаран маьIна дина. Йуьхьанцара делла дош дохийна, биъна дуй къарбина и ши доьзал Делан неIалте бирзина хилар гуш ду вайна, цундела ца болу и ши доьзал шина бIешерахь чIиран мохьах паргIат. Нохчий цкъа а ца хилла цIий Iано хьаьгна. ЧIиран ламаст нохчийн йукъараллехь дийнна институт хилла, шен бакъонашца а, культурин лехамашца а.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги