На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Шортта масалш диссина къоман иэсехь чIираца доьзна.
Ширачу заманехь цхьа къонаха хилла бохуш дуьйцу шен божалин кертахь гIуллакх деш. ЦIеххьана цунна хезна йуьрта йуккъехь йаьлла гIовгIа. Божалин кертара араваьлла ладугIуш лаьттачу цунна гина шортта жIаьлеш цхьаьна а долуш борз эккхийна йогIу адамийн тоба. И борз йедда йоггIушшехь кхо йиллина йитинчу неIарехула божал чу иккхина, шена тIаьхьа бевллачарех кIелхьарайалархьама. Божалин кертан зайл дIачIагIбеш, къонаха тобанна хьалха дIахIоьттина. Шайн жа йукъа иккхина, уьстагI бахьа гIерташ, шайна зен дина, шайн мостагIа йу иза, шаьш йен йезаш аьлла – адамийн тобано.
– ХIан-хIан! Цо мел даккхий зенаш дина хиллехь а, тахана иза сан хьаша йу, сан тховкIел йеана, цундела со цунах жоьпаллехь а ву нохчийн Iадате хьаьжжина – аьлла къонахчо. Ткъа цул тIаьхьа шен кара топ оьцуш, шен са даьккхина бен цу барзана тIекховдар дац шу – аьлла бохуш дуьйцу цу стага. Ишта ду нохчийн кIоргера, сирла гIиллакхаш.
Хараев ИбрахIиман хIара книга йоьшуш, сайн дахарера цхьа масала дало луур дара суна.
– «Цхьаьна шарахь Олхазар-КIотаран орцана тIехьара Суорат олучу цхьаьна меттиге мангал хьакха дагахь араваьллера со. Цу хенахь хьан диъ шо дара, ткъа со нехан стеган цIий Iанийна, чIирхо вара. Сайца кхин накъост воцуш, со ирзошкахула дукъаца хьалавоьдуш вара. Суна дуьхьал кхийтира Имам Шемалан наиб хиллачу Дубин тIаьхьенах волу Дуда. Дудас, салам а делла, хаьттира соьга:
– Ва Наурдин, хьо стенга воьду хьуо пIелг санна цхьалха?
– Суоратахь жимма мангал тоха меттиг йара сан билгалйина, цига ваха араваьллера со… – жоп делира аса.
– Со а ма вара жимма волавала дагахь. Со схьавогIу хьуна, дукха ца Iаш. Кхузара меттах ма валалахь! – дийхира соьга Дудас.
Иза Дуби йуккъе шен цIа а вахана, топ а, мангал а бохьуш схьавеара, тIаккха тхойшиъ цхьаьна Суорате вахара. Со кхийтира Дудас лелочунах. Иза суна накъосталла, Iуьналла дан хIоьттинера, со чIирхо хилар шена хууш долу дела. Сарралц соьца мангал хьокхуш хан йаьккхина, тIаккха со сайн цIа а кхетийна дIавахара Дуда.
Цо соьга иза дуьйцучу хенахь сан кхойтта-дейтта шо бен хан йацара. Дукха зама дIаэхна цул тIаьхьа. И Дуда суна дагавогIу. Хьуьнан хехочун болх беш вара иза. Тахана Дудин кIант Бадрудди сайна схьагича, сайн да а, цуьнан да Дуда а дагаоьху суна. Дала царна геч дойла. Уьш дийна болуш санна самукъадолу сан иза гича.





