Главная » Легкое чтение » ЧIир. Роман (сразу полная версия бесплатно доступна) Хараев ИбрахIим читать онлайн полностью / Библиотека

ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
4 чтения

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Ма йаьхь йолуш, доьналла долуш къонахий хилла уьш. Билгалдаккха деза, цу дагалецамашкахь, тахана ишта волу чIирхо ша воьдуш шена гича, цхьацца берш айкх эцна бовдур бара цу чIирхочун мостагIашка. Кху дешхьалхенехь аса йаздеш долу хIара масалш, къаьстина вайн тIаьхьено тидам баре сатуьйсуш йаздо аса, сайна къинтIера довларе доьхуш.

Йешархо, хIара книга йеша волалуш, собаре хила хьо. Сих ма ло мах хадо, леррина ойла йеш хила хIора а вастана тIехь. Заманан йохалла ша дерриге а хийцалуш хуьлу хьуна. ХIора стеган дахарехь хIун нисло ца хаьа АллахI Дела ша воцучунна.

Лаьара суна сайн дас дийцина чIирах лаьцна кхин цхьа масала дало. Дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и.

Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа Боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна.
Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира:

– Суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йуьрт йекош мохь туьйхира:

– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-йаI, мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги