Главная » Легкое чтение » ЧIир. Роман (сразу полная версия бесплатно доступна) Хараев ИбрахIим читать онлайн полностью / Библиотека

ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
4 чтения

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, Арсгиран хабар дохьуш:

– Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган – аьлла.

Оцу кепара Боки-дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш…

Уьшкхалахой кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца.

Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йинера Арсгирис а, цуьнан вашас – ТIасас а.

Амма кху книгин турпалхойн амалан йоккха башхалла йу ас масалийна йалийначу кийсаган турпалхойн амалца. Генарчу махкара вешин дакъа дохьуш вогIуш верг шен чIирхо вуй хиъча, иза вуьйр ву ша олу романан турпалхочо. Оцу кепара вайна гуш ду цкъа мацах биъна дуй къарбар бахьана долуш, Делан оьгIазло шина бIешарехь тIера ца йаьллачу шина доьзална йукъахь йолу чIир нохчийн ламастех йоьхна хилар.

Сайн дешхьалхе йерзош, кхин масала дало лаьара суна:

– Ши доттагIа хилла бохуш дуьйцу, цхьаьна заманехь чIогIа дегайовхонца гергарло лелош, нехан бIаьрг хIуттуш цу шиннан гергарлонах и шиъ масалийна валош. Цу накъосташах цхьанна йуьртахь хазаллина цIе йаьккхина йолу цхьа йоI хилла йезаш, иза цуьнга вистхуьлуш хилла, амма доттагIчунна цунах лаьцна хууш ца хилла хьуммаъ. Цкъа цхьаьна дийнахь синкъераме вовшахкхеттачохь, шолгIачу накъоста хабар тIедахьийтина хилла йоьIана, ткъа цуьнан доттагIа оьгIазвахана и йоI шена йезаш ма йу – аьлла.

И бахьана долуш доккха дов даьлла хилла накъостийн. Цара сацам бина и дов шаьлтанашца къасто. ШолгIачу дийнахь йоI йезаш хиллачуьнан доттагI йуьрта йистехь охьахиъна Iаш хилла шаьлта а кечйина, накъост схьакхачаре хьоьжуш. Иза ца вогIуш хан йаьлла хилла, тIаккха цо бажа лаьллина воьду жима кIант вахийтина цуьнга схьавола ала. Дукха хан йалале кIант схьавеъна цу накъосте хабар дохьуш, хьоьга хьан доттагIчо бабас бовха хьокхам а, тIо-берам а бина, и баа схьавола боху – аьлла.
ХIара цецваьлла, тIаккха дукха хан йалале церан керта а ваьлла шен накъосте мохь тоьхна:

– Баби тIо-берам безара суна, амма иза баа со къонаха вац хьуна! – йуха а вирзина дIа вахара иза гIийла ойланашкахь…. Оцу кепара, Хараев ИбрахIиман книгин турпалхойн васташа а гойту бабин тIо-берам мел доккхачу а девнал мерзох а, безох а хилар.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги