На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»
Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а.
Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:
– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?
– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?
Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.
– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?
– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.
– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?
– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета.
– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?
– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна.
– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора.





