На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.
– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.
– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?
– Суна ца хаьа!
– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.
– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.
– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.
– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.
– Дела реза хуьлда цунна.
Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий – Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара.
Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.
– АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! – дерзийра шен ламаз Руслана.
Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна.
Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.
– Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.
Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.
– Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?
– Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.
И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:
– Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?
– Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац – реза хилира Микаил.
Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду.





