ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
5 чтений

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:

– ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?

Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.

– Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна.

Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.

– Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?

– Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.

– ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш.

Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.

– ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. – Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.

IV

Цхьа де санна дIаиккхира нийсса цхьа шо. Керла саьлтий кхечира эскаре. Уьш кийча бара шайна баккхийчара тIехь Iазап латтор хиларна, цундела церан цецдовларан доза дан а дацара, биргIанийн ротехь долу доттагIаллин а, вежараллин а хьал гича.

Наггахь цхьацца дар-дацар хуьлуш меттиг нислора, амма Русланан а, Гончаровн а сиха аьтто болура и диканца дIадерзо, амма цхьаьна хиламо хоршара деккхира ротин маьрша дахар.

Руслан старшина вара хIетахь. Эскарехь йаккха йиссинарг ахшо бен хан йацара цуьнан. Цу дийнахь ротехула ха деш вара иза. Ахбуьйса йаьллачу хенахь цунна хезира хинкIаш йеш воьлхуш цхьаъ. Йуьхьаьнцара шена хетаделла моьттира Русланна, амма корахула цунна гира трансформаторни йолчу агIор дIавоьдучу стеган гIаларт.

Руслан ара а ваьлла цунна тIаьхьа вахара.

НеIан херонехула Русланна гира тховх муш тоссуш волу къона саьлти. Цо лол беш гича, Руслан кхийтира иза ирхоллавала дагахь кечам беш хиларах. Воьлхучура ца соцуш, горвоьжна дегIатIехь моссийтозза жаIаран кеп гайтира цо. Ткъа цул тIаьхьа, соне а вахана, брезента бухара доккха диг схьаийцира цо. Цу мIаьргонехь трансформаторни чоьхьа велира Руслан. Русланна цкъа а гина вацара и кIант.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги