ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
5 чтений

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цунна ца хаьара иза бутт хьалха эскаре веана керла бIаьхо вуй. Абрамов Сергей шен ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цуьнан да а, нана а Москван пачхьалкхан университетан лаккхарчу математикин профессораш дара. Сергей а цу университетехь доьшуш вара, амма ша берхIиттара ваьлча, цо да-нана дуьхьал доллушшехь сацам бира эскаре ваха.

Шен докъазалла Сергей йоьалгIачу роте кхечира, ткъа цуьнан куьйгаллехь вара лаккхара лейтенант Круглов. Цуьнан ротехь цкъа а низам бацара, амма дедовщина кхууьш йара. Гундаревна везаш вацара, цундела цо сихо ца йора цунна капитанан цIе йала.

Круглов де дийне мел долу дарлуш вара. Цу буса а вехна каптерки чохь Iуьллуш вара иза, ткъа цуьнан ротера «дедыш» къоначу саьлтишна тIехь Iазап латтош бара. Ша сийсаза варна кхин тоха са доцучу Абрамовс сацам бира шен дахар чекхдаккха. Мел чIогIа дохковаьллера иза ше дега а, нене а ла ца догIарна. Руслан неIарна хьалха дIахIоьттира, саьлти ара ца валийта.

Руслан гина воьхнера Сергей, ткъа йуха цо элира:

– Ма йе суна новкъарло, товарищ старшина.

 – саьлтичун аз а дерриге а дегI санна дегош дара. – ДIавала неIарера, товарищ старшина, йа ас цIий Iанор ду хьан, кхин болчеран санна!

– Хьан бакъо йац цхьаьннан а цIий Iано. Муха йу хьан цIе?

– Сергей йу сан цIе. Ас чIогIа доьху хьоьга, дIавала цу неIарера… – саьлтий велха ийзалуш вара.

– Сергей, Дела доьхьа собаре хила, ма леладе Iовдал дерг. – Руслана меллаша Сергей маравуллуш, цуьнан карара диг дIадеккхира.

Меллаша горхIоьттина йуха а велхаран къурдаш дан волавелира саьлти.

Иза дагахь хиллера вижина Iуьллучу Кругловна диг детта, иштта масех сержант а диг диттина вен, ткъа цул тIаьхьа ша ирхоллавала. Иштта йара цуьнан Iалашо. Иттех минотехь цуьнца къамел диначул тIаьхьа Русланан аьтто белира Сергей кхето. И шиъ цхьаьна йоьалгIачу роте вахара.

– Муьлха ву? – хаьттира Руслана и шиъ чоьхьаваьлча.

– ДIогара, пенна уллора шолгIа маьнга, сержант Денисов. – элира Сергейс.

Руслан меллаша маьнги улло вахара. Цу тIехь вижина волу саьлти дукхозза а гинера Русланна, амма вевзаш вацара:

– ХьалагIатта, къамел ду дан дезаш!

Реза воцучу Денисовс ша самаваьккхинарг кхин хиллехь, иза вуо човхор вара, амма Русланах ца хIоьттира иза.

– ХIун хилла?

– Масех минот хьалха кху дагарца вуьйш вара хьо, со тIе ца кхаьчнехь. – элира Руслана, Сергейн карара диг дIагойтуш. – Суна баркаллаш баха ца оьуш, амма таханлерачу дийнахь дуьйна, кху кIантах пIелг Iуттур бац цхьаьна а дас.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги